• Название:

    дийцар


  • Размер: 0.07 Мб
  • Формат: ODT
  • или
  • Сообщить о нарушении / Abuse

Установите безопасный браузер



Министерство образования и науки Российской Федерации

Государственное бюджетное образовательное учреждение

«Центр образования»

C:\Users\User\AppData\Local\Microsoft\Windows\INetCache\Content.Word\зюзя.jpeg

Выполнил:

Идирзаев Зубайр Вахаевич

Rb_1704@mail.ru

8 (963) 588 15 80

Руководитель: Дакаева З.С.

Хилла дагахьбаллам

Жима волуш дуьйна цхьаьна хьала кхиъна вара Хьасанний,Ризванний. Цхьаьна школа чекх а яьккхина,университете деша вахара и шиъ.Ч1ог1а воккхавера и шиъ шаьшшиннан дешарх, цигахь шаьшшиннан хуьлучу кхиамех а. Ший а ч1ог1а дика ши к1ант вара и шиъ, цхьатерра дика доьшуш а вара. Амма цхьадолчу х1умнаш т1ехь къасталора и шиъ .Хьасан дикачу,оьздачу доьзалехь хьалакхиъна вара. Жима волуш дуьйна дас 1аморе терра, муьлхха а г1уллакх дан хууш, нахаца г1иллакхе а волуш, муьлхха а т1едеана дика а, вон а ловр долуш к1ант вара. Ткъа Ризван а вацара вон к1ант, нанас цхьаъ бен вац бохуш, да д1акхелхичхьана дуьйна, кхоош, башха г1уллакхана т1е ца те1ош хьалакхиийнера . Цундела амал мелла а к1еда яра цуьнан.

Б1аьстенан хаза де дара арахь, къеггина кхетта малх а болуш. Х1инцца д1асецначу дог1ано ц1андина ц1ена, мела х1аваъ, дог1ано чан яйъина баьццара буц, цу юккъера малхо т1ехь сецна дог1анан т1адамаш седарчий санна лепаш, бес-бесара зезагаш дара. Оцу хазачу 1аламах воккхавеш, шаьшшимма экзаменаш д1аяларх самукъадаьлла вог1уш вара Хьасанний, Ризванний.

-Валохьа Ризван , д1ора г1анта т1е охьахаа вайшиъ? Хаза де а ду.

-Дера хаа, тахана а ца хиъна маца хуур вара вайша!»,-жоп ло Ризвана.

Иштта и шиъ луьйш-олуш 1аш, цхьа жима къонах т1евог1ий, цаьршинга салам а лой, хаттар до: « Минутке муьлхачу некъа т1ехула ваха веза эр дарий аш?». Лоррий хьожу Хьасан цу жимачу стаге, «Делан дуьхьа т1ехьаьжна нохчочух тера а ма ву х1ара, и мотт ма тамашийна буьйцу цо», олий.

-Тхойшиъ ву цу аг1ор ваха везаш, цхьаьна г1о вай, - олий хьалаг1отту и шиъ. Иштта новкъахь хабар а тасалой, Хьасанна а, Ризванна а хаьа цуьнан ц1е Бека хилар, иза жима волуш дуьйна дозанал арахьа 1аш хилар. Цигахь и 1аш вуй хиъча, тидам хуьлий хеттарш дан волало Ризван. Бекас Ризванан тидам хиллий а хаалой, ч1ог1а хаздеш дуьйцу цигара дахар.

-Оццул дика цигахь хилча, вайшиъ ваха веза цига!-забар йо Ризвана Хьасане.

-Гонаха д1асахьажахьа, Ризван х1ара хаза 1алам, вайн хаза мохк,цигахь иштта хаза хир ду аьлла-м ца хета суна, - аьлла велакъежна, цунна дуьхьал жоп делира Хьасана.

Дешна а волий, балха воьду Ризванний, Хьасанний. Доьзал а кхоллалло цаьршиннан. Хьасанан ши доьзалхо хуьлу: йо1,к1ант. Ризванан цхьа к1ант хуьлу. Иштта хаза бехаш 1аш хуьлу уьш. Цхьана дийнахь болх гал а болий, балхах вуху и шиъ. Ризван ч1ог1а холчу ваьллий хууш, шен дагахь дерг ца хоуьйтуш, мелла а цуьнан са тедан г1ерташ хуьлу Хьасан.

-Х1умма а дац, цхьаъ лелор ду вайшимма. Жимма хан яьлча болх д1анислур бу. Х1етталц цхьаъ дийр ду вай , - олу.

Амма шен амална к1еда волу Ризван хало лан кийча вацара. Дагадог1у Ризванна, Бекас пхи шо хьалха дина къамел, дозанал арахьа «туьйранахь» цо дийцина дахар.

  • Дера веза вайшиъ ваьшшиннан доьзал а эцна, цига ваха д1аваха-, олу цо Хьасане. Амма Хьасана аьттехьа а ца дуьту и. Хьасан реза воций хиъча :

  • Ша д1аг1ур ву цига, цигахь дика хир ду , суна юххе вала ваша а вац, г1о дан цхьа а вац» ,- олу Ризвана.

  • Вай, и х1ун ду ахь дуьйцург? Со вац хьан ваша? Диканна а, вонна со ву-кх хьуна юххехь. Хьайна боьвзаш боцчу махка а вахана, хьо х1ун дан воллу?- хаьттира Хьасана.

  • Амма Ризван кхето хала дара. Цуьнан нанас Тамарас а дира цуьнга дукха дехарш .Х1инца ша жима а яцара, шен хьалха санна могашалла яцара, вайна безачерах а хаьдда, вайн махках а доьвлла х1ун лелор ду цигахь бохуш дехарш до Тамарас. Ткъа Ризван юха ца волура, ша дуьйцург бен бакъ ца хетара.

    Дейтта шо д1аделира Ризван дозанал арахьа 1аш волу. Цуьнан дахарехь дикачу аг1ор хийцаделла х1умма а дацара. Тамара шен Даймахке сатийсаро, там ца хиларо, цамгаро г1елйинера. Ризванан к1ант , дешар д1а а тесна ,вочу берех а кхетта, цхьаммо а аьлларг ца деш, мичахула лела а ца хууш волавелла лелаш вара.Ц1а ца вог1уш цхьа-ши к1ира а долура. Корта талхош долу молханашка марзвеллера иза. Цунна дан х1ума доцуш ч1ог1а г1айг1ане бара уьш.

    Ша висча Ризванна Хьасана шега дина дехарш дагаоьхуш, ойлане волий 1ара . Б1аьргаш дуьхьал х1уьттура шаьш ц1ахь яьккхина мерза хан.

    Хьасан дикачу балхахь вара.Цуьнан бераш цаьршимма дешначу университетехь доьшуш дара.

    Цхьана дийнахь, г1елъеллачу Тамарас чукхайкхира Ризван:

    «Х1окху вайна боьвзаш боцчу махка а даьхкина, 1аш ду вай ц1а даха йиш йоцуш. Цхьа весет дара сан хьоьга. Сан ялар хилахь, сайн дена а, нанна а юххе д1айолла лаьара суна сой. И сан лаам кхочуш бар доьху ас хьоьга», – олу Тамарас шен к1анте.

    Цхьа бутт балале ц1еххьана д1акхелхира Тамара. Амма нанас шена т1едиллина и декхар кхочушдан Ризванан ницкъ ца кхечира. Тамара елла дукха хан ялале, Ризванан к1ентан и молханаш бахьанехь дуьненчуьра д1авалар хилира.

    К1ант валар даге ла а ца лой, дукха хан ялале цуьнан х1усамнана а ле.

    Т1есерсаш гуьйренан дог1а а долуш, хьоькхуш шийла мох а болуш, шийла де дара. Амма и шело хаа ца луш санна ,г1ийла корта а лаьцна, хиъна 1ара Ризван. И шело йицъеш шийла бара цуьнан кийра. Ши б1аьрг хьаббича дуьхьал х1уьттура ша дерриге а, кийра эт1ош дерг дара: ша кхочуш ца дина ненан дехар, ша нийса некъ ца гойтуш х1аллакьхилла к1ант, ша пусар ца деш дитина доттаг1алла, битина Даймохк.